ГIалгIайчуьрчу "Мемориалан" офисах бухадиссинарг
Яххьаш хьулйинчу наха цIе тесна ГIалгIайчуьрчу "Мемориалан" офисах. Яьгна оргтехника, чуьра йийбар, кехаташ. Бакъонашларъярхойн организацин куьйгалхочо Орлов Олега терроран акт ду аьлла гIалгIайн территори тIехь динарг.