Титиевн адвокатан хьокъехь талламбар юкъахдаьккхина
"Церан агIор теш схьа ца варо шеконаш йохкуьйту коьрте", - аьлла адвокато "Кавказ.Реалиига".
Дагадоуьйту, пIераскандийнахь Куьрчала кхайкхира цIеххьана адвокат Заикин цхьацца талламаш бу бан безаш аьлла. Цо дийцира Соьлж-ГIалара дуьйнна схьа сирчу басахь Форд яра шена тIаьхьаяьлла аьлла.
Карарчу беттан 9-чохь лаьцначу Титиев Аюбан шиъ ву адвокат. Цхьаъ Заикин Петр, важа Тельхигов Аслан.
180 грамм марихуана яьккхина шаьш Титиевн машенчуьра аьлла, бехкевина латтош ву иза.
Титиевс и бакъ ца до. Цо а, бакъонашларъярхоша а полисхоша кхийсина ю аьлла цунна наркотикаш.

