Mylistory социалан машане 100 эзар стаг язвелла
Нохчийчохь керла социалан маша кхолларх дIахаийтира дуьххьара Кадыров Рамзана байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь, шен Инстаграмера а, Фейсбукера агIонаш дIакъевлича.
Нохчийн аналог тIехь Кадыровс агIо йиллинчул тIаьхьа, дукха нах буьйлабелла цуьнах пайдаэца. Mylistory хьалхаяьлла Periscope, Tumblr олучу социалан машанашна, яздо "Нохчийчоь Тахана" агенталло.

