Мэй Тереза: Евроберта юкъара довларх, Европа дIатосуш яц оха
Вовшахтоьхначу Паччахьаллин парламенто шен бахархошна бакъо йитира къастам бан, шайн харжам цара бина аьлла, билгалдаьккхина премьер-министро. Лондоно юкъарлонаш лелор ду европахошца тIеман а, кхерамзаллан а, кхечу а дакъошкахь. "Евроберта юкъара тхо дволарх, оха дIатосуш яц Европа", - аьлла Мэйс.
Евробертан куьйгалхочо Туск Доналда а, Еврокомиссин лидеро Юнкер Жан-Клода а хьалхо Великобританина хьийхира Евробертан юкъара ца довлар.
Нагахь санна, Лондонан урхалло шен хьажам ца хийцахь, 2019-чу шарахь "Брекзит" болх бан йолалур ю, ткъа цунан тIаьхьало негативе хир ю аьлла, дIахьедина Туска шинарийдийнахь.

