"Буьйсанан берзалойн" лидерна совгIат дина Кадыровс
Цо бахарехь, "уггар халачу меттиге дуьххьара кхочу иза, шен хетарг массарна а довзийта". Оцу хаамца Оьрсийчоьнан массо а байкерна а, "Хирурган" доттагIашна а хазахетар дан лаьа шена аьлла мехкан куьйгалхочо.
"Дуккха а шераш ду оха доттагIалла лело, аьтто баьлча Нохчийчоьнан некъаш тIехула мотоклубан декъашхошца хехка а ло тхо", - аьлла Кадыровн дешнаш даладо "Новости" агенталло.