Туркойчоьнан эскархоша курдашна дуьхьал тIеман операци дIайолийна Шемахь
![Туркойчоьнан эскархоша курдашна дуьхьал тIеман операци дIайолийна Шемахь](https://gdb.rferl.org/B4FF2947-ECA2-4302-B906-30E6DDD4FB71_w800_h450.jpg)
Шеман къилбаседехь йолчу кIошташкахь курдашна дуьхьал тIеман опрераци дIайолийна Туркойчоьнан эскархоша, хаам бо ББС-но. Туркойн Iедалан векалша дийцарехь, церан эскаран дакъош, Шеман доза а хадийна, чудахана Африн олучу гIала.
Туркойчоьнан премьер-министро Йылдырым Биналис бинчу хаамца, туркройн эскархошна юкъахь дараш дац. HaberTurk ("Туркойчоьнан керланаш") телеканало, цунна тIе а тевжаш, дийцарехь, цу операцин Iалашо ю Африн провинцехь Туркойчоьнан а, Шеман а дозанеху 30 километр кхерамазаллан зона кхоллар.