Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

80 шо кхаьчна Высоцкий Владимир вина (аудио)

Вина 80 кхаьчна, оьрсийн а, цунна гонахарчу а къаьмнийн дог-ойланаш охуш, уьш ша мерзашка ерзийначу шен байташца стогалле, доьналле, дикалле кхойкхуш ваьхначу Высоцкий Владимиран.


Советан пачхьалкхехь уггаре а вевзаш волу актер, йишлакхархо, поэт шозза хилира Нохчийчохь. Нохчех а, гIалгIайх а ша яьккхина йиш Высоцкий Владимира дуьххьара гΙараяьккхира Соьлжа-ГΙалахь 1979-чу шарахь.






ХΙетахь Высоцкий махка вар иштта дагалоьцу цу заманахь музыкан доьшийлехь Ιемаш хиллачу Вакуева Ιайнас, ХΙинца иза мехкан тайнигийн театран актриса ю.



Вакуева: "Студентийн гонашкахь лоькхуш яра Высоцкийн эшарш. Иштта Невран кIошта стройотряде лелаш езаелира цуьнан эшарш суна а. Иза ГIала веъча, массо а вара иза ган лууш. ХIетахь телевизионехь дIаязйина цуьнан концерт хIинца гойту Москох кест-кеста. Шен майраллица, бакъдерг ма дарра эшаршкахь дийцарца иза ночхех тера вара. Сан и ойла кхоллаелира хIеттехь".


Соьлжа-ГΙала Высоцкий Владимир кхайкхинчу а, цигахь и тΙеэцначу а нехан лорах а кхиира Маршо Радио. Иза муха нисделлера иштта дагалоьцу нохчийн говаьлачу кинон а, театран а актера Омаев Дагуна.


Омаев: "Бахана, схьавалийнера иза. Оццу буса кеманца юхаваха везаш а вара. Могашалла дика йолуш а вацара иза хIетахь. Ша тховса дIаваха везаш ву, эшарш лекха веъна а вац, амма цхьаъ локхур ю. Иза яц хIинцца язйина. Шун къомо лайнарг а хууш, Казахсчтанехь, Алма-Атахь кхоьллина ша, аьлла, нохчашна, гIалгIашна лерина язйина йиш лекхира цо. ТIаккха цуьнца чай а мелла, иштта иза Москох дIа вахийтира-кх оха".

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *