Миланехь некъахъяьлла некъахойх юьзна цIерпошт
![Миланехь некъахъяьлла некъахойх юьзна цIерпошт](https://gdb.rferl.org/FE548EC1-C985-4AC2-B687-A82F13E71360_w800_h450.jpg)
Лаххара а 2 стаг вийна, 10 стагана еза чевнаш йина некъахойх юьзна йолу цIерпошт Италерчу Милан гIалана гергахь некъахъялар бахьана долуш. Цунах лаьцна хаам бина орцаллан сервисийн векалша.
Sky TG24 телеканало дийцарехь, кхин а 100 гергга некъахочунна яй чевнаш йина.
Болчу хаамца, бохам хилла тахана Iуьйранна 7 сахьт долуш Сеграте олучу меттигана гергахь. ЦIепошт некъахъяларан бахьана цкъачунна хууш дац.