Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шемахь тIеман операцеш совцоре кхайкхина Трампа ЭрдохIан

Iамеркан президенто Трамп Доналда варе вина Туркойчоьнан президент  ЭрдохIан Реджеп, туркоша Шемахь дIахьош йолу операцино эххаре а тасадаларш хилийта мега туркойн а, Iамеркан а эскарийн аьлла.  ЭрдохIана сацаде аьлла Вашингтоне, Шемарчу курдойн тIеман тобанашна гIортор яр.


Цунах лаьцна шина лидеро дийцина телефонехула хиллачу къамелехь, хаам бо КIайн ЦIийно.


Цхьаьнатоьхна Штаташ саготта ю, туркойн армино Шемахь дIахьочу тIеман операцеш зе до «Исламан пачхьалкхаца» бечу къийсамна бохуш. Цул сов, туркойн тIеман кеманаш тохарш деш ду курдаш тIеман гIуллакхана Iамош болу Iамеркан тIеман говзанчаш дIатарбинчу Манбидж гIалана гонаха.


Трампан а,  ЭрдохIанан а хиллачу къамело гойтуш хила мега Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн политика хуьйцуш хилар, яздо шайн комментарешкахь Iамеркан газеташа.


Туркойн а, Iамеркан а президентийн къамел хилале хьалха Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацехь лаккхарчу даржашкарчу Iедалхоша хаийтира, курдашна дуьхьаллаттарехь шаьш НАТО-хь шайн бертахо йолчу Туркойчоьнна тIехIуьтттур хилар, Шемахь террорана дуьхьал операцеш дIахьош шаьш курдашна гIортор еш хиллехь а.


Эрдоган хадам боллуш дуьхьал ву курдаша Туркойчохь а, ткъа иштта Шемахь а, Иракъехь а шайн къоман пачхьалкх кхолла гIертарна. Цо дийцарехь, цхьа а башхалла яц «Исламан пачхьалкхана» а, курдийн тIеман тобанашна а юкъахь.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *