Шемахь туркошца цхьаьна тIом беш бу нохчийн тIемалой
![Шемахь туркошца цхьаьна тIом беш бу нохчийн тIемалой](https://gdb.rferl.org/576106EE-BC3C-490D-BE33-C9465FE3066A_w800_h450.jpg)
Нохчийн тIемало аль-Шишани Муслим шен тобанца Шемара Африн дIалоцуш тIом беш ву, туркошна тIе а хIоьттина. Цунах лаьцна хаам бина "Ахвал" олучу сайто, "Акит" газетана тIе а тевжаш. Аль-Шишани Муслима куьйгалла дон "Джунуд ал-Шам" тоба нохчех лаьтташ ю.
"Ахвал" сайто дагадоуьйту аль-Шишани Муслим Гуьржийчоьнан махкахо хилар. Цуьнан бакъйолу цIе ю Маргошвили Мурад. 2014-чу шарахь Iамерко иза юкъатоьхнера террорхойн цIейозанна.