Довзийтина "Ведучи" курортан мехаш
Иштта, кху 2018-чу шарахь ломан-когсалазийн сезон чекхъяллалц баккхийчарна духкучу билетан мах хир бу 400 сом. 6-13 шераш долчу берашна уьш духкур ду 200 соьмах.
Мехаза курортерчу канатан некъех пайда эца аьтто хир бу 5 шо кхачанза берийн а, 75 шарал тIехбевллачу баккхийчу нехан а, 1-чу категорин заьIапхойн а, 18 шо кхачанза заьIап берийн а.

