Алсам зуламаш дарехь шолгIачу меттиегхь ю Нохчийчоь
![Алсам зуламаш дарехь шолгIачу меттиегхь ю Нохчийчоь](https://gdb.rferl.org/17EDE5C5-B167-4C7C-B0F0-E793A105D478_w800_h450.jpg)
Оьрсийчохь дахначу шарахь 900 стаг билгалвьаккхина терроризмца доьзна зуламаш дина аьлла, яздо "Интерфакс" агенталло Инарла прокуратуран хаамех пайда а эцна. Прокуратуран статистикаца дийнна шерачохь пачхьалкхан территори тIехь 1871 терроран кепехь зулам дина, лаьцна 873 стаг.
Иштта оцу хьукмато стохка 1521 эктремистийн зулам дина хиларх а бо хаам, лаьцна оцу декъехь 972 стаг.
Уггар алсам зуламаш дина Дагестанехь, шолгIачу меттигехь ю Нохчийчоь.