Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"ГIенаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь"

Нохчийчохь шолгIа тIом болабелла 15 сов шо даьллачул тIаьхьа республикан коьртехь волчу Кадыров Рамзана дIахьедар дира шен Iедало новкъарло а ца еш, Нохчийчу юхаберза а, шайн цIахь баха а некъ ло Ичкерин Iедалехь цхьацца даржашкахь хиллачу нахана, аьлла.

Цул совнаха, Оьрсийчоьнан Iедалан хеттарш хилахь, ша юрист хиларе терра, накъосталла дийр ду а элира цо. Ши кхо де хьалха Кадыровс динера кхин цхьа дIахьедар. Террорхошна тоьпаш тохар юкъадаккха деза Оьрсийчохь аьллера цо.  

Цунна делахь а, дуккха а нохчийн доьзалийн кхоллам хийца мегаш долчу цуьнан маслаIатан дIахьедаран дIоггара тIаьхье ца хилира.

Маршо Радионна цу деношкахь еллачу интервьюшкахь махкал арахьа бехачу нохчаша дийцара, маьршша даха а, шайна хетарг ала а, лело а бакъо хир ю аьлла ца хета шайна Нохчийчохь бохуш.

Тахана хала ду ала маса стаг цIавирзира Кадыровс кхайкхам бинчул тIаьхьа. Цу тайпанаш хилла хила а мега. Амма цхьаболчу хаамашца, тахана а 150 - 200 эзар нохчо ву даймахках ваьлла леллаш. КIезиг нах бац царна юкхаь аьлларг хилча дерриг а охьатесна цIаберза сатуьйсуш.  

Цу нахах вара, 18 шо Белгехь а даьккхина, кхаарин бусу кхелхина волу ночхийн яздархо а, поэт а Яшуркаев Султан.

Махкахбевлла хан токхуш болчу иттаннаш эзарнаш нехан сатийсам бу даймахка цIаберза бохуш, дьйцу даймаках ваьлла вехачу нохчийн политико Закаев Ахьмада.

- БIеннашкахь эзарнашкахь ца алахь а, амма иттаннашкахь эзарнашкахь нехан ойла йолу хIума а ду иза, нехан сингаттам болу хIума а ду иза. ХIунда аьлча, кху арабевлла лелачу нахах дуккх а адам цIабоьлхуш а, схьабогIуш а дIасалелаш а ду.

Делахь а доккха дакъа ... цIабаха йиш йоцуш, дог а, ойла а цIахь лаьтташ йаш адам а ду. Царах цхьаъ вара, ала мегар ду, Яшуркаев Султан. Селхана дIакхелхина иза, тахана цигахь лаьтташ тезет а ду. Цуьнан байташка ладоьгIначу стагана хуур ю кху арахь болчу, цIа баха йиш йоцуш, тахана цхьацца бахьанашца кху арахь Iаш болчу нехан дог ойла.

- Ткъа муха хьал хила деза нохчашна паргIат цIабаха?

- Уггаре хьалхарчу декъехь маршо хила еза. Адам маьрша хила деза. Маьрша хила деза цIадаха а, цIера схьада а. Шайн коьртан дай хиллла а дай хила беза уьш. Шайн коьртан дай а болуш, шаьш дагIа а дахка а йиш йолуш ду аьлла, цунах тешаш ойла хила еза.

Цхьана а агIорхьара оцу цIахь болчара а, я оцу лаьттачу хьоло шаьш юьхьIаьржа а хIоттор дац, шайн сий а дойур дац, шайн сий а дожор дац аьлла, цунах адам тешна хилча а бен, цIадаха а, дахка а маршо хир яц.

- Ахь дуьйцу хьелаш Нохчийчохь кестта хилахь тамаш бу. Социалан машанашкахь вовшашца уьйр латточу нохчашка ладоьгIча, хетало цхьаболу вайн махкахой, дукха бацахь а, сатийса кIадбелла-кх олий, къаьсттина хене бевлла нах. Хьуна хааделлий иза?

- Со тешна ву бIеннаш эзарнашкахь кхузахь бехаш болу нах даймахках дог диллин абац бохчух. Церан ойла а, кхетам а а, массо а хIума а даймахкаца доьзна а ду. Оцу латтаца доьзна ду. Кхане цIахь яккха йисина хан ерш а бу, ДегIастанахь лахьта хиларан кхане ерш а бу. Амма уьш а, уьш а шайн кхане даймахкахь гуш дехаш ду вай адам. 

- ШолгIа тIом болабелла а даьлла лаххара а 18 шо. Таханлерчу хьолехь Нохчийчоь йисарх а цецбуьйлуш хуьла, нохчийн истори евзаш болу нах. Хьан хIун ойла ю цунах?

- Суна схьахетарехь, цIахь Iаш а, бехаш а болу нах, мухха а цигахь делахь а, хало ялахь а, ирчо ялахаь а, мел чIогIа хьал сагаттадойтуш делахь а, Iазапехь делахь а, Iазап уггаре долчу хенахь вайн махкахь дисина адам.. нохчийн мохк хилар оцу нехан доьналлица доьзна ду.

ЦIахь Iийна а, цIахь баьхна а болчу нехан доьналица доьзна ду иза. Иза вайн нехан ггаре турппалчерах турпал дакъа ду ала мегар ду, политикан хьажам церан мухха а хиллехь а. Амма оцу вайн махкаца долчу хIуманна уьш шаьш а, шайн синош а, шайн тIаьхьенаш а цунна закъалтана а ехкина и вайн мохк ларбеш Iаш къам ду иза.

Дала диканца бекхам бойла и мохк а ларбеш, цIахь Iийначарна а, оцу махке сатуьйсуш тахана цIабаха йиш йоцуш лелаш болчу нехан а. Церан и ойла хилар цу къоман кхане хилар ду-кх.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

РБК: бизнесмена Тайчера задержали в рамках уголовного дела о мошенничестве

В районе Вешняки построят физкультурно-оздоровительный комплекс

Вильфанд рассказал, когда в Москву вновь придут дожди и грозы

Шахтозадержание // Ликвидаторов шахт заподозрили в махинациях

Музыкальные новости

Российские флаги снова вывесили на матче Евро-2024 между Англией и Сербией

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебные башмачки Элли» - эта постановка создана по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города»

Сказка Ульгэра «Волшебные башмачки Элли» по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города» - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

«Волшебные башмачки Элли» - эта постановка создана по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города» - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Новости России

Гематолог рассказала, когда гипервязкость крови считается неотложным состоянием

Халатность или диверсия? Военный микробиолог разбирает версии отравления

Удушить возбудителей. Эксперты объяснили, как защититься от ботулизма

Авиакомпания введет ежедневные рейсы из Москвы в Читу с 30 июня

Экология в России и мире

Где реально можно купаться летом в Москве и Подмосковье: 8 пляжей которые оборудованы для летнего отдыха

Gucci, коллекция menswear весна-лето 2025

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Фрукт с сюрпризом: доктор Кутушов рассказал, чем опасен съеденный червь

Спорт в России и мире

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

«Надо чем-то жертвовать». Арина Соболенко отказалась ехать на Олимпиаду в Париже

Людмила Самсонова не отдала голландскую траву // Она продолжила серию российских побед на теннисном турнире в Хертогенбосе

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Moscow.media

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

Bluetooth-сканер штрих-кодов SAOTRON P04 на базе CMOS-матрицы

BIA Technologies повысила производительность сборки специй в компании FOSFOREL на 15%

В центре Орла машина сбила двух пешеходов







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *