IатIар доьхкинчу зудчунна гIуда тоьхна Нохчийчохь
![IатIар доьхкинчу зудчунна гIуда тоьхна Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/2BB9D1DF-8371-4BB0-AE6C-50CFE1528F2B_cx0_cy4_cw0_w800_h450.jpg)
"Тройной" олу IатIар доьхкина аьлла, жоьпе озийна Соьлж-гIаларчу цхьана туьканчуьра махбархо аьлла, хаамбина Маршо Радион махкарчу хьостано. Цунна бехке диллина, бакъо а йоцуш, юург юхкучу туькан чуьра иза доьхкина хиларна.50 эзар сом гIуда текхначул тIаьхьа маьрша ялийтина иза.
IатIар доьхкина аьлла, дуьххьара йохкархо ю дIалаьцнарг Нохчийчохь. Корта бахочу маларна къоьлла хIоьттинчу Нохчийчохь маларчаш IатIар мийла буьйлабелла бохуш, хаамаш кхачабора Маршо Радион редакци меттигерчу бахархоша.
Шо гергга хан ю Нохчийчохь малар дохкар дихкина. Ерриге а республикехь "Лента" цIе йолу цхьа туька бен яц дохка бакъо йолуш. Цу чуьра а оьрсашна бен и эца магош а дац.