Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2018

Новости за 01.02.2018

Radiomarsho.com 

Швейцарерчу Люсина Нохчийчохь шен нах лоьху

Масех шо ду нохчашлахь цхьа хаам дIасалела, Швейцарехь вехачу цхьана кхиазхочо шен да-нана лоьху Нохчийчохь бохуш. 17 шо долу кIант швейцархойн доьзалехь кхууьш ву. 2000-гIчу шерийн юьххьехь шен доьзалца Швейцаре дIавахана волу иза дукха хан ялале дега-ненера Iедало мичча бахьанашца делахь а дIа а ваьккхина, берийн цIийне дIавелла хилла. Ткхъа дена-нанна цул тIаьхьа депортаци йинчух тера ду. Цу кIанта ша базбина, социалан машанашкахула дIасабаржийначу кхайкхамехь иштта яздина ду: "Суна билгал хууш дерг - тхо Соьлжа-гIалахь Iаш дара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Трампан сурт диллина ахчанца Украинан художникаша

Украинерчу художникаша Марченко Дарьяс а, Грин Дэниела а Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан сурт диллина къаьстинчу ахчанах. Нью-Йоркерчу гайтамехь довзийтина цара сурт. Шайн белхан "Ахчан сурт" аьлла, цIе тиллина художникаша. Казинохь ловзочу ахчанах а, фишкех диллинчу суьрта тIехь кхаа баттахь болх бина цу шиммо. Оцу серех шолгIа портрет ду художникаша кхоьллинарг. Кхул хьалха Марченкос а, Грина а "ТIеман юьхь" аьлла цIе а тиллина, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Новая газетана" гIуда тоьхна кхело

Москохарчу Басманан кхело гIуда тоьхна "Новая газетана", Оьрсийчохь низамаш дохийна аьлла, Узбекистане депортаци ян торучу Феруз Iелин артиклаш зорбане яхарна. Низамехь а доцуш, кхечу пачхьалкхан вахархочуьнга болх байтина аьлла, бехкейо газетан редакци кхело. Узбекистанан вахархо Феруз Iела (Нурматов Худоберди) кху аьхка лаьцнера Москох. Миграцин низамаш ца лардина аьлла, бехкевира иза. Террорхойн организацешца болх бина ву аьлла, шен махкахь вен гIерта ша аьлла, дIахьединера Феруза. Масех шерашкахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дадаев Заура ца вийна Немцов аьлла зорбан министро

Оппозиционер, политик Немцов Борис вийнарг Дадаев Заур ву бохучух шеконаш ю шен аьлла Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата. "Эхо Москвы" радиостанцин эфиехь кхааридйинахь дина цо цу кепара дIахьедар. Ишта шек ву иза, Талламан комитетан официалан версех а, дикаллин амалшца волчу Дадаевс стаг вуьйр вацара боху министро. Москох 2015-чу шеран Iай вийра оппозицин лидер Немцов Борис. Бехке хиларх шеко йолуш лецна, кхел йинчул тIаьхьа набахтешкахь хенаш токхуш бу Нохчийчуьра бахархой Дадаев Заур... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хьоладас Джабраиловс "Патриот" клуб эцна Москох

Бизнесхочо Джабраилов Iумара Москохан Измайлово кIоштахь "Патриот" кхийсархойн клуб эцна, цу чохь шен Iамораш дIадахьа дагахь а ву. РБК агенталле бина экс-сенатрро и хаам. "Дукха хан яра со и клуб эца дагахь волу. ХIинца схьа а эцна, кехаташ а чекхдаьхна ас. И тир дика евзаш а ю, дуккха а клиенташ а бу цуьнан. Цхьа цакхетам буьсу цкъачунна, административан ресурс тIетасарца, амма сайгга и дIанислур ду аьлла хета суна. Цул тIаьхьа сайн Iамораш доло дагахаь ву со", - аьлла, дийцина Джабраиловс. ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Байинчу полисхойн доьзалш балха хIиттор тIедожийна Нохчийчоьнан Iедало

Нохчийчохь тIеман операцешкахь кхелхинчу полисхойн а, эскархойн а доьзалхой балха хIитто болийна Нохчийчохь. Массо а Iедалан хуькматийн куьйгалхошка омра делла лакхара охьа, и нах балха дIахIитто беза аьлла. Амма ца аьлла бухахь болчу белхахошна хIун дан деза. Цуьнах хаам бина Маршо радиога Нохчийчурчу хьостано. Болчу хаамашца верриг а 450 стаг ву рогIехь иштта балха хIотто везаш.

Radiomarsho.com 

Росгвардина тIелатар дина аьлла бехкево Украинехь лаьцна Бакаев

Борисполь" Киеверчу аэропортехь дозанхоша сацийна, Ноьвр-кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар дина аьлла, бехкевен 25 шо долу Бакаев Iела. "Кавказ.Реалиин" портале бина и хаам цуьнан адвоката Герасько Максима. "Интерполехула лоьхуш хилла иза. Шега хеттарш дечу хенахь, Украине тховкIело еха дагахь ву ша аьлла хилла цо. Иза лаьцна 72 сахьт далале  кхело цуьнан дIасацорах цхьа сацам бийр бу", - аьлла адвокато. Украинан низамаша дуьненаюкъарчу лехамашкахь волу стаг 30 дийнера 40 дийне кхаччалц сацо бакъо ло. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шаьш хIунда лоьху нохчаша шайна дарба?

Адамийн вовшешца зIе латтон гIирсаш алсамабовла буьйлабелчхьана, хилларш-лелларш сиха дIасадоьлху ватсапехула а, кхечу зIенашкахула а. Хьалха леррина юьртара юьрта, я гIалара стаг ваха везаш хуьлура тезет яьлча, я цхьаъ цомгуш хилча гергарчарга а, бевза-безачарга а хаам бан. ХIинца телефонехула хаийта аьтто бу массо хIума. Къаьсттина дукха  ватсапехула тахана баржош берш цамгаршна дарба муха лелон деза дуьйцу хаамаш бу. Тахана дуьненчохь тайп-тайпанчу Iилманчаша шайн лехамашкахь баккхий кхиамаш бохучу заманахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нобелан совгIатна хьалхатеттина Милашина а, Ганнушкина а

Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхой а, журналисташ а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисийн белхало хилла Сноуден Эдвард а, курдойн "Пешмерга" тоба а Нобелан совгIатна хьалхатеттина норгойн депутаташа, хаамбо Норвегин телеграфан бюрос. Социалхойн аьрру партин парламентарийс Эйде Петтера зорбанашка дIахьедина, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а, "Мемориал" центр кхоьллина Ганнушкина Светлана а, "Iазапна дуьхьало латторан комитетан" векал Садовская Ольга а шаьш преми кхачо тептаре язйина аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Умаров: Собчакан провокаци яра Соьлж-ГIала яр

"Бахархойн инициатива" партин цIарах Соьлж-ГIала а еана, Титиев Аюб дIахеца аьлла, пикет хIоттийначу Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидата Собчак Ксенияс йинарг провокаци ю аьлла махкарчу зорбан министро Умаров Джамбулата "Эхо Москвы" радиостанцин эфирехь. "Собчак хьошалгIа еана бохург ас къовсаме доккхур дара. Иштта ца воьду хьошалгIа. Флешмоб яра иза, цо цхьаьнга а ша йогIий а ца хаийтинера. ШолгIа делахь, суна чIогIа ца тайра, тIаьххьара а цо шен карара "Маьршаваккха Титиев Аюб" тIеяздина кехат хьарчор. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан 28 спортхочунна тоьхна санкцеш юхаяьхна Лозаннан кхело

Антидопинган низамаш дохорна, Олимпан ловзаршка некъаш дихкинчу Оьрсийчоьнан 30 спортхочо чуеллачу апелляцех 28-нна жоп делла Лозаннерчу спортхойн арбитражан кхело. Оцу спортхошна дуьхьал яьхна санкцеш юхаяьхна, 2014-чу шарахь цара Сочехь Олимпиадехь гайтина жамIаш бакъонца хилар тIе а чIагIдеш. Кхелан сайте баьккхина и хаам. Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето Освалд Денисан комиссино Сочехь спортхоша допингаш лелийна я ца лелийна теллинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан спортхошна Олимпиаде бахка дуьхьало йинера. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Титиевна лоьрийн гIо кхачийна

Нохчийчуьрчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочунна Титиев Аюбна эххар а кхачийна, иза лаьцна кхо кIира даьллачул тIаьхьа, медицинан орца аьлла, хаамбо бакъонашларъяран центран сайтехь. "Ша лоцучу дийнахь стоматолог волчу шен дIаяьхна цергаш дIахIиттаяйта ваха везаш вара Титиев Аюб. Амма гIо кхачийна цунна СИЗО-н медицинан хIусамехь байначу беттан 30-чохь" аьлла, яздина ду хаам тIехь. "Мемориалан" информацица, хIинццалц хIума кхалла йиш йоцуш вара Титиев. Бакъонашларъярхо бехкево боккхачу барамехь наркотикаш лелийна аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тоьллачу журналисташна Сахаровн премеш декъна Москох

Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх дийцар уггаре а журналисташна кхераме йолчу теманех ю аьлла, дIахьедина "Новая газетан" коьртачу редакторо Сахаровн цIарах тоьллачу журналисташна премеш доькъучу церемонехь. Москох кхаарийдийнахь вовшахтоьхнера журналисташа а, бакъонашларъярхоша а хьоьгу къа билгалдоккхуш, Сахаров Андрейн цIарах совгIаташ дIасадоькъу барам. Премин лауреаташ бевлла "Новая газетан" корреспонденташ Милашина Елена а, Каныгин Павел а, Феруз Iела а, украинхойн журналист Сущенко Роман а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Латархо Тесаев Имам лоьху Талламан комитето

"Коммерсантан" хаамашца, 21 шо долу Нохчийчуьра латархо Тесаев Имам "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанехь хилла аьлла, шеконаш кхоллаелла Талламан комитетан. Цкъачунна федералан лехамашка велла Тесаев, тIейогIучу хенахь Интерполехула и волу меттиг лаха Iалашо ю церан. Устрада гIаларчу боккхачу доьзалера ву ша Тесаев. Масех регионехь престижан турнирехь толамаш баьхначул тIаьхьа Москох кхайкхинера иза, цигахь спортан базехь кечамаш а беш, шозза дуьненан чемпионатан призер а ваьллера иза. 2015-чу шарахь цIехьана къайлаваьллера иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан вахархо лаьцна Нохчийчохь патармаш духкуш

Дахначу кIирандийнахь ГIалгIайчуьра вахархо Гарданов Апти лаьцна полисхоша Нохчийчуьрчу Куьрчалахь Макаровн тапчан патармаш духкучу хенахь. "Эцархо ву ша аьлла къайлаваьллачу Iедалан белхахочунна 320 патрон боьхкина Гардановс. Ахча дIалучу хенахь лаьцна зуламхо. Бехкзуламан Кодексан артиклан 222-чу артиклехь бехктакхаман гIуллакх диллина цунна дуьхьал, бакъо йоцуш герз а, патармаш а лелорна а, лардарна а, дохкарна а", - аьлла "Кавказан узел" агенталле махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

IатIар доьхкинчу зудчунна гIуда тоьхна Нохчийчохь

"Тройной" олу IатIар доьхкина аьлла, жоьпе озийна Соьлж-гIаларчу цхьана туьканчуьра махбархо аьлла, хаамбина Маршо Радион махкарчу хьостано. Цунна бехке диллина, бакъо а йоцуш, юург юхкучу туькан чуьра иза доьхкина хиларна.50 эзар сом гIуда текхначул тIаьхьа маьрша ялийтина иза. IатIар доьхкина аьлла, дуьххьара йохкархо ю дIалаьцнарг Нохчийчохь. Корта бахочу маларна къоьлла хIоьттинчу Нохчийчохь маларчаш IатIар мийла буьйлабелла бохуш, хаамаш кхачабора Маршо Радион редакци меттигерчу бахархоша. Читать дальше...


Москва стала лидером по привлечению инвестиций среди регионов РФ

Тамбовчане смогут купить сим-карту МегаФона в сетевых гипермаркетах

Мужчину с крупной партией мефедрона задержали в Даниловском районе

В Академическом районе построят жилой дом по программе реновации



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Торговый центр построят в Зеленограде

Москва стала лидером по привлечению инвестиций среди регионов РФ

Тамбовчане смогут купить сим-карту МегаФона в сетевых гипермаркетах

Лесной пожар потушили во Фрязине 21 мая

Музыкальные новости

Юные туляки стали лучшими на первенстве России по карате спорта глухих

Россия, Культура, Теат, Дети, ПДД: кукольным языком о дорожной безопасности детям показали в Ульгэре

Олимпийский чемпион Роман Костомаров поздравил победителей номинации «Экскурсия без границ» программы «Лига Экскурсоводов»

Минское «Динамо» одолело «Шахтер» на финише 9-го тура чемпионата Беларуси

Новости России

Музыкальный театр просит красноярцев о поддержке на всероссийском конкурсе проектов

BNA: король Бахрейна в среду приедет в Россию для переговоров

Родные бьют тревогу: девушку из Ленобласти затолкали в машину и увезли в сторону Москвы

Торговый центр построят в Зеленограде

Экология в России и мире

Модернизация контейнерных площадок продолжается в Реутове

Выставки индустрии моды в Москве

Мистический Тибет: путеводитель по местам силы от Кажетты Ахметжановой

Более 500 человек посетили «Ночь музеев» в Ставропольской краевой психиатрической больнице №1

Спорт в России и мире

Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP

Теннисист Медведев потеряет место в рейтинге ATP

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру

Потапова не смогла пробиться во второй круг турнира WTA в Страсбурге

Moscow.media

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ

Работники АО "ДиМ" приняли участие во всероссийском полумарафоне

На Невском заводе электрического транспорта наградили победителей фестиваля «Транспорт: будущее»

Старый Гоор.







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *