Оьрсийн программистна экстрадици йина Iамерке
Дахначу шеран бIаьста Барселонехь лецира программист. Компьютерш бехъеш, спам дIаса а кхоьхьуьйтуш, ша кхоьллина глобалан маша хилла цо лелош. Иштта гулъеш хила персоналан информаци компьютерех пайдаоьцучийн. Нагахь бехк цунна тIечIагIбахь, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь 50 шаре гергга хан йогIу Левашовна.
Стохка аьхка Оьрсийчохь лаца кхайкхийнера программист Петарбухерчу медицинан хьукматан сайт чу а ваьлла, информацина блок тохарна.