"Оьрсийчоьнан турпалхо" цIе тиллина Шемахь вийначу пилотана
Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, Оьрсийчоьнан тIеман министраллана а, президентан администрацина а тIе а тевжаш. Журналисташкахь болчу хаамца, пилотан дакъа дIаделла Шемарчу тIемалоша, юкъалелаш Туркойчоьнан векалш а болуш.
Оьрсийчоьнан тIеман кема чудаийтинера тIемалоша Идлиб провинцехь. Пилот парашютаца чуиккхинера, амма вийра тIемалошца хиллачу тIематасадаларехь.

