Талламан комитете дIаделла Титиевн гIуллакх
Юристо дийцарехь, Титиевс талламхошка дийцина муха хилира полисхой шен машенах хьовсар. Гергарчу хенахь талламан комитето дIаболор бу цо дийцинарг толлуш боллу болх.
Чиллан беттан 2-чу дийнахь Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас дехар динера нохчийн полицигара схьаэцна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" центран декъан куьйгалхочуьнан Титиев Аюбан гIуллакх федералан талламан органашка дIало аьлла. Кадыров Рамзан реза вацара цунна.