Афринан гергахь туркойн беркема дохийна курдаша
![Афринан гергахь туркойн беркема дохийна курдаша](https://gdb.rferl.org/483B0C6D-85FF-477C-B1B4-5F1FED1C386C_w800_h450.jpg)
Туркойн тIеман беркема чудайитина курдийн герзхоша Шемарчу Африн гIалана гергахь. Цунах лаьцна Шоьтан сарахь хаам бина Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа.
Туркойн армин векалша бинчу хаамца, беркемана урхалла деш хилла 2 пилот кхелхина. Курдойн хьастанаша тIечIагIдина беркама чудаийтина хилар.
Шен агIор ЭрдохIана билгалдаьккхина, иза хилла "Туркойчоь тIом беш хиларна" аьлла. "Вайн беркема дохо а мега, амма иза динчара мах лур бу шаьш иза дарна", - дIахьедар дина Туркойчоьнан президенто.