"Путинца интервью" филм гойтур яц телеканалехь
Кхааридийнахь ЦИК-ан куьйгалхочо Памфилова Эллас дина и дIахьедар журналисташка. Ишта цо оцу юкъанна билгалдаьккхина, "Путинца интервью" ленти тIехь кхайкхамаш цахилар "кхаж таса я ма таса" аьлла а, я цхьангахьа а узуш меттиг цахилар а.
Хьалхо "Яблоко" партино Хьалхара канал бехкейира, низамаш хьоьшуш, Путин Влдаимирна агитаци ярна. Федералан каналехь кино ехкар тIедожийра ЦИК-на партин куьйгалхочо Слабунова Эмилияс.
Хьалхарчу канало хIинцале а 4 серех лаьттачу "Путинца интервью" филман ши сери гайтина.