Биткоин лелор хьарам ду я дац къастийна Нохчийчоьнан муфтийс
Пачхьалкхан экономикан хьолана цхьана а кепара беш тIеIаткъам бу я бац кхачо йоллуш хууш ца хиларна, криптовалюта лелор хьарам ду я дац ала хала ду аьлла Кадыров Рамзана. Хьалхо дIахьедира мехкан куьйгалхочо, ша биткоин эца а, криптовалютан кхиарна тIехь терго латто а лаам болуш ву аьлла.
"Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа вовшахтоьхначу Кхеташоно бахарехь, оцу чолхечу хаттарх вердикт йовзийтале хIора пачхьалкхан специфика зен еза. Нагахь криптовалютано пачхьалкхан политикана, экономикана я финансийн агIонна кхерам бохьуш хилча, вай ала догIу и хьарам хIума ду. Цкъачунна Оьрсийчоьнна хьарам ду и, я хьалал ду ала цхьа а бух бац", - аьлла, яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.
Кадыровс билгалдоккху, Мисарахь а, Палестинехь а криптовалюта йоьхкуш фетва арахецарх, кхечу пачхьалкхашкарчу бусулбачех и хьакхалуш дац.
"Юй те вайн таро оцу ахчанах (криптовалютех) хIума эца, йохка. Нагахь и дан тарлуш делахь, криптовалюта хьарам яц ала догIу. Нагахь и цхьа пирамида санна юкъадаьккхина гIуллакх хуьлий, тIаккха оха официалехь дIакхайкхор ду", - аьллачу муфтин дешнаш даладо Кадыров Рамзана.