Пхенчханехь хоккейн матчехь Сталинан сурт тIехь баннер гучудаьккхина
![Пхенчханехь хоккейн матчехь Сталинан сурт тIехь баннер гучудаьккхина](https://gdb.rferl.org/DDF7897D-D889-40F4-96C2-E5ADE320406E_cx0_cy11_cw0_w800_h450.jpg)
Пхенчханехь олимпикан турнирехь Оьрсийчоьнан хоккейн тобано Словенерчу ловзархошца толам боккхуш хиллачу матчехь Сталинан а, Путинан а суьрташ тIехь долу баннерш гучудаьхна Оьрсийчуьрчу фанаташа. "Спорт-Экспрессан" коьртачу редакторан гIовса Симонов Дмитрийс Твиттерерчу шен агIон тIехь публикаци йина суьртийн.
Цхьана баннер тIехь триколоран фонехь гуш Сталин Иосифан сурт ду, шолгIачунна тIехь Оьрсийчоьнан спортхошца Путин Владимиран сурт.