ГIалгIайчохь микроавтобусна дина тIелатар кхи дIа а толлур ду
ГIалгIайчоьнан Талламан комитето кхи дIа а дахдина 2016-чу шарахь Нохчийчоьнан дозанехь журналисташ а, бакъонашларъярхой а тIехь болчу микроавтобусна динчу тIелатарх талламаш бар
Къаьсттина ладаме гIуллакхаш толлучу талламхочо Берсанов Iийсас бина и хаам "Медиазонан" корреспонденте Сковорода Егоре, оцу автобусчохь хиллачех ву иза а.
2016-чу шарахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанехь цабевзачу 15-20 кегийрхоша тIелатар динера журналисташ а, "Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" бакъонашларъярхой а чохь болчу микроавтобусна. Машенчуьра уьш ара а баьхна, царна етта а йиттина, автобусах цIе теснера туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх айдинера оцу тIелатаран хьокъехь.
Бехкенаш каро аьтто ца болу аьлла, шо хьалха Талламан комитето эххар а гIуллакх сацийра. Амма цхьа кIира даьллачул тIаьхьа арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедира, гIуллакх таллар юкъахдаьлла дац аьлла.
Стохка бIаьста адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташоно гIуллакх таллар юаха а дIахьош ду элира.