ХIаагерчу Кхелана хьалха вовшахкхета дагахь бу Европера нохчий
![ХIаагерчу Кхелана хьалха вовшахкхета дагахь бу Европера нохчий](https://gdb.rferl.org/2F7D3195-2CE8-4633-BD52-D4E2BFFABE09_w800_h450.jpg)
Чиллан беттан 23-хь ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу Криминалан Кхелана хьалха демонстраци дIаяхьа дагахь бу Малхбузерчу Европехь бехаш болу нохчий. И акци вовшахтухуш ву Францерчу нохчийн диаспоран жигархо Ибрагимов Сайд-Эми.
Нохчийн къам дохор ша геноцид лерина ма хиллара, нохчаша лайна болу тIаьххьара ши тIом а геноцид хилар кхайкхаде, боху Ибрагимовс Евробарте цу акцехь тIеэца ша кечбинчу кхайкхамехь.