ХIаагерчу Кхелана хьалха вовшахкхета дагахь бу Европера нохчий
Чиллан беттан 23-хь ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу Криминалан Кхелана хьалха демонстраци дIаяхьа дагахь бу Малхбузерчу Европехь бехаш болу нохчий. И акци вовшахтухуш ву Францерчу нохчийн диаспоран жигархо Ибрагимов Сайд-Эми.
Нохчийн къам дохор ша геноцид лерина ма хиллара, нохчаша лайна болу тIаьххьара ши тIом а геноцид хилар кхайкхаде, боху Ибрагимовс Евробарте цу акцехь тIеэца ша кечбинчу кхайкхамехь.