Нохчийн гулам, ХIаагехь, Дуьненан трибунална хьалха
![Нохчийн гулам, ХIаагехь, Дуьненан трибунална хьалха](https://gdb.rferl.org/09d78f4a-aa9f-401a-aaf4-1e8bd7cdcc85_tv_w800_h450.jpg)
Делкъан хан хиллале (Чиллан-беттан, 23-гIа де) ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу трибунална гергахь гуламе хIиттина Европерчу нохчийн диаспорийн жигархой, Ичкерин хьалханчица Закаев Ахьмадца, цуьнан гIовсца Ибрагимов Сайд-Эмица цхьаьна. Коьрта Iалашо ю Трибуналан инарла прокуроре Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна тIехь Iазап латторах долу арз дIакхачор.