Некъан бохамехь нах белла Нохчийчохь
![Некъан бохамехь нах белла Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/5FF3800C-4B67-442B-BE38-7B0BEF1649E6_cx0_cy2_cw0_w800_h450.jpg)
"Кавказ" федералан некъа тIехь машенаш вовшахкхетта, 4 стаг велла аьлла, хаамбо махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.
"Соьлж-ГIалин Заводской олучу кIоштарчу "Кавказ" федералан некъа тIехь Мескер-Юьртарчу вахархочун КамАЗ а, меттигерчу бахархойн "ВАЗ 21099" а, "ВАЗ 2109" а кхо машен тIеттIакхетта", - яздо оцу хаамехь.
"ВАЗ 2109" машен лелорийг а, жимачу машенашкахь хилла 3 пассажир а велла. Карарчу хенахь толлуш ду бохаман бахьанаш.