Словакехь журналист вийна
![Словакехь журналист вийна](https://gdb.rferl.org/A414DE5E-C5CD-4122-8262-FDF916DF8278_w800_h450.jpg)
Талламаш бен 27 шо долу журналист Кучак Ян вийна Словакехь. Полицин хьаькамо Гаспар Тибора бинчу хаамца, кIиран суьйранна герз тоьхна Велка-Мака гIаларчу шен хIусамехь вийна карийна иза а, цуьнан еза йоI а.
Хетарехь цо бечу балхаца доьзна ду иза вер аьлла хета Гаспарна. Словакех цкъа а хилла дацара и тайпа инзаре журналистна тIелатар дар аьлла цо.
Aktuality.sk. сайтехь болх беш вара Кучак.