Маршо Радион - 65 шо
"Эфире яьллачу кху 65 шарахь Маршо Радионо ша йозуш йоцу хаамийн гIирс хиларе терра кхочушдина шен башха декхарш, адамийн бакъонаш а, демократи а Iалашъярехь", - аьлла Кента.
1953-чу шарахь кхоллаелла информацин-политикан радиостанци Iамеркан дипломатин а, кеп-кепарчу советан заманарчу эмигрантийн а ницкъашца.
1990-чу шаре кхаччалц Мюнхенера а, Нью-Йоркера а, Парижера а, Лондонера а схьа дара Радион къамел дар. Цул тIаьхьа Прагера а, Москохара а.