ГIалгIайчуьра хьафизийн школа гоне ерзийна хилла полисхоша
![ГIалгIайчуьра хьафизийн школа гоне ерзийна хилла полисхоша](https://gdb.rferl.org/4572C0B2-0A7D-4651-BCD7-E6CA6B2FDE2D_cx0_cy47_cw0_w800_h450.png)
Еаридийнахь ГIалгIайчуьрчу Долаково эвларчу хьафизийн школана го лаьцнера тIеман техникаца а, туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха талламаш а беш. КъорIан Iамочу хIусамехь доьшуш ду 8 шарера 12 шаре кхаччалц долу бераш. Гинчара дийцарехь, школана хьалха гулбелелера берийн дай-наной а, меттигера бахархой а, амма гIишлонна чу цхьа а ца вуьтура.
ГIалгIайчоьнан Муфтиято Iуналла а деш, хьафизийн школа болх беш йолу масех шо а ду, оцу заманчохь цара арахецна 30 хьафиз.