Полисхочунна кхаъ белла вахархо лаьцна Нохчийчохь
![Полисхочунна кхаъ белла вахархо лаьцна Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/13534D24-D786-4574-B362-D7DB381F3F36_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
Полисхочунна кхаъ бала гIерта вахархо лаьцна Нохчийчохь. Червленерчу Узловая олучу социйлехь бехкзуламан гIуллакхехь вала гIертачу стагехь хилла тIеман гIирс, хаамбо талламчаша. Церан версица, байначу беттан 15-чохь полисхойн декъе валийна тIеман гIирс шеца болу вахархо. Цуьнгара даьхна автоматан патармаш. Полисхойн куьйгалхочунна 10 эзар, 300 бIе сом кхаъ белла хилла лаьцначо, кIелхьаравала дагахь. Ткъа вукхо ахча схьа а ца оьцуш, Талламан комитете хаамбина.
Бехктакхаман гIуллакх а долийна, талламаш бу дIахьош оцу лаьцначунна гонах.