Террорхошца юкъарло лелорна Ростовн кхело набахте хьажийна нохчо
Террорхошца юкъарло лелийна аьлла бехкевинчу Капланов Мохьмадан дов листина даьлла Ростов гIаларчу Къилбаседа-Кавказан тIеман кхело. Суьдхоша къастийна, 2016-чу шеран аьхка Соьлж-ГIаларчу цхьана маьждигехь шен шина накъостана Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета хаздеш хилла хилар Каплановс.
ТIебиллинчу бехкаца а догIуш, кхело Капланов бехкехилар тIе а чIагIдина, 6 шо набахтехь даккха хан тоьхна цунна.