Герз духкуш хилла вахархо лаьцна ГIалгIайчохь
![Герз духкуш хилла вахархо лаьцна ГIалгIайчохь](https://gdb.rferl.org/16E73760-8DCD-434B-B830-4A2984A31D27_w800_h450.jpg)
ГIалгIайчуьрчу цхьана вахархочун цIийнах хьоьвсича Калашниковн автомат а, гранаташ а, сигналан минаш а, 6 эзар сов патармаш а карийна полисхошна. Ницкъаллийн структурийн белхахоша шоьтадийнахь лаьцнера вахархо, герз духкуш хиларца шеконаш кхоллаелла, яздо "Новости" агенатлло.
Бехкзуламан гIуллакх а диллина, талламаш болийна вахархочун хьокъехь.