Родригес: Кадыров Дела хетахь Нохчийчохь, цуьнан дуккха а ахча а ду
![Родригес: Кадыров Дела хетахь Нохчийчохь, цуьнан дуккха а ахча а ду](https://gdb.rferl.org/6508AF04-5CE4-4F2C-9292-B4E5C210CBFE_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнах шен кхоллаелла ойланаш йовзийтина "Ахмат" клубан ловзархочо Лима Леонардо Родригеса.
"Нохчийчохь Iаламат маьрша ду дIасалела, цхьа а сагIадоьхург ца кхийтира суна дуьхьал урамашкахь. Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дуккха а ахча ду боху, цо мискачарна гIо до а боху. Кхузахь Дела хета Кадыров, цо цхьа а тесна ца вуьту дела. Нохчийчохь кхерамзалла лаккхара хилар гойту, Мисарара футболан тоба 2018чу шеран чемпионатна Соьлж-ГIалахь кечам беш хиларо а", - аьлла Родригесан дешан далийна Yahoo Esportes Brasil.