Итум-Кхаьллахь беркема дохарх лаьцна дийцина Кадыровс
![Итум-Кхаьллахь беркема дохарх лаьцна дийцина Кадыровс](https://gdb.rferl.org/4D2F0917-488F-420C-A1C3-7B83F7892DEC_cx26_cy7_cw64_w800_h450.jpg)
Кадыров Рамзана Telegram-хь дийцина Нохчийчохь Ми-8 беркема дохар муха хилира, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Кадыровс дийцарехь, иза дохале хьалха араэккха кхиина ши эскархо.
"Беркема лахделла хилла дозанхой охьабиссо. Лаьтта кхача 2 метр йисча чехка хьакхначу мохо дIадаьхьна иза. Ши дозанхо чуэккха кхиина. 7 стаг тIехь волу беркема 150 метр кIоргачу Iинах дахана", - яздина Кадыровс.
Беркема охьадоьжначу метте баханчу орцанхошна карийна 5 дакъа а, дийна висина 2 эскархо а. Царах цхьаъ тIаьхьо велла лоьрийн цIийнехь. ШолгIа вочу хьолехь ву, боху Кадыровс.