Си Цзиньпин куьйгалхо виса магош хийцамаш бина Китайхь
![Си Цзиньпин куьйгалхо виса магош хийцамаш бина Китайхь](https://gdb.rferl.org/D9EE7D03-CAF8-46AA-B731-58BF28D324D7_w800_h450.jpg)
Ерриг Китайн халкъан векалийн гуламо мехкан Конституцина тIехь хийцам бина Китайн Халкъан Республикан гIантдена Си Цзиньпина цу даржехь яккха магочу ханна зил тохар юхадоккхуш. Цу сацамо бакъо лур ю цунна шен даржехь виса билгалаъяьккхина йоцучу ханна.
Конституцин тIетохар тIеэцна хIора шарахь хуьлучу кхеташонехь, тахана, Зазадоккху-беттан 11-чу динахь. Ши делегат дуьхьал хилла цу хийцаманна, кхоъ шайна хетарг ца хоуьйтуш сецна. Кхаж тасарехь дакъалаьцна 3000 делегато.