"Медиалогия": Хаамийн гIирсашкахь Кадыров хьехор лахделла
![](https://gdb.rferl.org/182F43D5-013C-459F-928A-9A08D4640F11_cx0_cy4_cw0_w800_h450.jpg)
Оьрсийн зорбанашкахь байначу баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хьехор лахделла, цул хьалхарчу баттаца дуьстича. Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхой хаамийн гIирсашкахь хьехор теллинчу "Медиалогис" хIоттийначу рейтингехь ду и жамIаш.
Москохан мэр Собянин Сергей ву хьалхарчу меттигехь, цунна тIаьхьа вогIу Москох кIоштан губернатор Воробьев Андрей.
Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира а, ГIезалойчоьнан урхалхочо Минниханов Рустама а дIалаьцна кхоалгIа а, йоьалгIа а меттигаш. Нохчийчоьнан куьйгалхо пхоьалгIачу меттигехь нисвелла.
Бисина Къилбаседа Кавказан куьйгалхой кхи а лахарчу тIегIанехь бу.