Слуцкийна тIехIоьттина Кадыров
Парламентерчу жураналистийн-зудаберийн коча ихна аьлла, вьйцучу пачхьалкхан Думан депутатан Слуцкий Леонидан агIо лаьцна Кадыров Рамзана.
"Сайн ваша лору ас Слуцкий Леонид, - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Твиттерерчу шен агIонехь. – Тхан къоман уггар а халачу хенахь тхоьца вара из. Зударийн иза коча ихна бохург – аьшпаш бу. Хазачу йоIе забар йина хир ю. Муьлххачу а стеган декхар ду и. Суна сайна гина-кх мехкарий цуьнан коча оьхуш. Цкъа а ца гина, иза зударшца эвхьаза вала гIерташ. Леонид, шек ма вала хьо, тхо уллохь ду", - аьлла, дерзийна шен йоза Кадыровс.
Пачхьалкхан Думан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо Слуцкий Леонид бехкевинера, парламентан кхаа журналистца эвхьаза вийла гIиртина аьлла.
Цунна динчу арзан хьокъехь Думан этикан комисси ю ладегIарш дIадахьа дагахь.
Ша Слуцкийс бакъ ца до шена тIетоьтту бехкаш. Политикан бух болуш долийна гIуллакх лору цо и.
Зударийн дезачу дийнахь Фейсбукан шен пена тIехь, цкъа мацца а ша дог дохийначу массо а зударшка шена гечдар дехнера депутато.