Азербайджано дIавелла Такаев Нохчийчуьрчу талламчаша левеш ву
![Азербайджано дIавелла Такаев Нохчийчуьрчу талламчаша левеш ву](https://gdb.rferl.org/18524FFE-1EB6-43B6-AC9E-99AE3F18CBD8_cx0_cy7_cw0_w800_h450.jpg)
Азербайджано еаридийнахь Оьрсийчоьне дIавелла Такаев Сайд-Хьусейн Нохчийчуьрчу Талламан комитетан каракхачийна. Такаевх бехк хьарчийна, гIаттамхойн тобанехь хилла аьлла. Шела кIоштахь 2001-чу шарахь кхоьллинчу гIаттамхойн тобан декъашхошлахь хилла, талламчаша бахарехь, бехкевийриг.
Нохчийчохь фелералан ницкъашна дуьхьалонаш а латтош, эскархошна тIелатарш деш хилла цу тобанхоша. Масех шарахь гIаттамхошлахь а лелла, цул тIаьхьа Азербайджане дехьаваьлла хилла иза.
Шела кIоштан кхело лаца кхайкхийнера Такаев. Такаевн гергарчара а, доттагIаша экстремистийн тобанашца уьйрашкахь хилла вац иза бохуш, чIагIонаш йо.