Немцовн безамна у хIотточу ца баьхкина цуьнан гергарнаш а, доттагIий а
![Немцовн безамна у хIотточу ца баьхкина цуьнан гергарнаш а, доттагIий а](https://gdb.rferl.org/87024764-7C7A-4BBE-BE3A-ADAB6D739DBE_cx0_cy6_cw0_w800_h450.jpg)
Кхо шо хьалха вийначу оппозиционеран Немцов Борисан безамна у схьадоьллуш ду Москох, иза ваьхначу цIийнехь пIераскандийнахь. Немцовн гергарчара а, цуьнан агIончаша а дуьхьало йина оцу бараме бахка.
Немцовс кхоьллинчу "Солидаралла" цIе йолчу боламан политикан кхеташонан куьйгалхочо Яшин Ильяса а дIахьедина, Собчака вовшахтоьхначу оцу акцехь шайн организацино дакъа лоцур дац аьлла.
"Тхуна халахетарг ду, президентийн харжамашкахь агитаци еш санна пайдаэцар Немцовн иэсах", - яздина Яшина Фейсбукехь.
Иэсан у схьаделлар Москохан мэран Собянин Сергейн шен лаамехь дац, бахархоша тIеIаткъам барца ду аьлла, билгалдаоккху Яшина.
"Солидаралла" организацина тIетайна оппозиционер Навальный Алексей а, Немцовн йоI – Жанна а.
"Тхуна цатов, сан вийначу дех политикан ловзаршкахь пайдаэцар", - аьлла Немцова Жаннас а.
2015-чу шеран Чиллан-баттахь Кремлна гергарчу Москворецкан Доккхачу тIайтIехь вийра политик Немцов Борис.