Коммерцица йоьзна йоцчу организацешна ахча кхачийна Кадыровс
![Коммерцица йоьзна йоцчу организацешна ахча кхачийна Кадыровс](https://gdb.rferl.org/519384C3-23BC-47AB-9CF9-1F34E7DAF8DB_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхо миллион сом грант елла коммерцица йоьзна йоцчу организацешна, церан социалан, юкъараллан, политикан проекташ кхочушъярехь гIо лоцуш. Уггар жигарчу юкъараллан куьйгалхошца Соьлжа-ГIалахь шен хиллачу цхьанакхетарехь бина цо и хаам. Иштта дийцаредина, цигахь юкъаралхоша республикан дахарехь дечу гIуллакхех а.
Мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхочо Израйилов IабдулкъахIира билгалдаккхарехь, Нохчийчохь болх беш ю 613 коммерцица йоьзна йоцу организаци ю. Царех 343 юкъараллан цхьанакхетарш, 224 еккъа коммерцица йоьзна йоцурш ю.