Титиевн латкъам юхатоьхна Нохчийчуьрчу Лаккхарчу суьдо
Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдо таллам чекхабаьллалц набахтехь латто сацам бина бакъонашларъярхо Титиев Оюб. Ши кIира хьалха Старопромыслан кхело бина сацам ца хийцина суьдхочо Горбовцов Дмитрийс.
Титиевн авдокаташ арз динера цу сацамна. Иштта цара дехнера кхел йоьдучу хенахь, гуран чохь мукъане а ма латтавахьара иза аьлла. Иза а тIе ца дитина суьдхочо.