Iедалан белхан мах хадон комисси кхуллура ю гIалгIайн бакъонашларъярхоша
Иштта, оцу тобанан белхан жамIаш довзуьйтур ду леррина цу гIуллакхана кхоьллинчу форумехь.
Масех де хьалха ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека омар а делира Оьрсийчоьнан президентан харжаман кампани дIайоьдуш Iедалшна йина критика талла леррина комисси кхолла аьлла.
Комиссино толлур ду президентан дарж къовсуш хиллачу кандидатийн меттигерчу векалша Iедалша социала-экономикан хьашташ кхочуш деш дац аьлла бехке дар.
Комиссино шен болх берзийча меттигерачу телехьожийлехь эфир йийр ю цу нахаца карийна кхачамбацарш а дуьйцуш.

