Вала луучунна хьехаршден сайт дIакъовлар доьху Нохчийчуьрчу прокурораша
Прокурораша дийцарехь, цу сайта тIехь сурташ а ду валаран кепаш гойтуш, ткъа цаьрга хьажа аьтто бу муьлхха а стеган, шайна юкъахь бераш а долуш.
«Кавказский узело» дийцарехь, Дечкен-баттахь Нохчийчуьрчу прокуратуро дIакъовлар дийхира «Исламан пачхьалкхах» тобанах лаьцна материалаш тIехь йолу ши сайт а, куьйга бомбанаш муха йон дуьйцуш йолу ши сайт а.