Малхбалерчу Гутера арабовлучу нахана гIо дина Кадыровн фондо
Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтакте" агIона тIехь.
Хьалхо хаам бина ма хиллара, Димашкана гергахь йолчу Малхбалера Гутера арайолуш ю кхин цхьа оппозицин тIемалойн тоба. Иза дан аьтто баьлла Iедалан ницкъашца цу хьокъехь барт хиллачул тIаьхьа.
Оппозицин "Файлак аль-Рахман" тобан тIемалой а, церан доьзалш а дIабоьлхуш бу Шеман къилбаседехьа йолчу гIаттамхоша Iуналла дечу Идлиб провинце. Маьрша бахархойн бакъо ю шайна лаахь Малхбалерчу Гутехь биса.
Верриг а цу меттигера аравала мегаш ву 7 эзар тIемало а, церан доьзалш а. И барт хилла, Оьрсийчуьрчу эскаран векалша юкъало а лелош. Цара чIагIдарехь, кху тIаьхьарчу баттахь Малхбалерчу Гутера дIавахана 100 эзар сов вахархо.
Бакъонашларъярхоша а, Шеман оппозицино а бехке йо Асад Башаран режим а, Оьрсийчоь а, тIеман операци дIахьош Малхбалерчу Гуте къиза бомбанаш еттарна.