Соьлж-ГIалахь цIеяларан бахьана хиъна говзанчашна
Залаевс дийцарехь, цIе яьлла тхов тIе волучу меттигана кхо метр генахь. И бохам хилла аьлла хета говзанчашна, йогуш йолу цIе тхов тIе яьккхарна. Хилларг къастор долуш ду кхин дIа а.
Соьлж-ГIалин юккъехь А-Хь. Кадыровн урамехь долчу 12 гIат йолчу цIенох цIе яьллера Зазадоккху-беттан 26-чу сарахь. 19 сахьт 47 минот яьлча цIе дIаяйина шаьш аьлла, дIахьедар динера Iедалхоша. Болчу хаамца, яьгнарш яра техникан хьашташ кхочуш дон чоьнаш а, ткъа иштта тхов а. Адамийн петаршна тIе ца кхаьчнера цIе.