Зорбанан гIирсаш: Миллиардер Магомедов Зиявудин лаьцна Москох
"Коммерсантъ" газето бинчу хаамца, пIераскан дийнахь Магомедов а, цуьнан белхан масийтта накъост а талламан комитете дIавигна, къоланаш дарх лаьцна толлучу гIуллакхехула леван.
ФСБ-н а, экономикан кхерамазаллехула йолчу урхаллан а белхахоша талламаш дIабаьхьна миллиардеран доларчу компанешкахь.
Forbes-ан версица Магомедов Зиявудин 63-гIа меттиг дIалоцуш вара Оьрсийчуьрчу уггаре хьал долчу бизнесхошна юкъахь.