Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Хьаькам вац машен Iаьржа яцахь

 




 


Гуьржийчоьнан Iедало дихкина Iедалхошна Iаьржачу машенашна тIехь лелар. ХIара бутт чекхбалале иштта бос мел болу машен шайн гаражера дIаяккха еза цара. Муьлхха а бос хила мегар ду Iедалан машенан, иза Iаьржа ца хилчхьана, аьлла ду цу хьокъехь махкахь арахецначу цу омрана тIехь. Иштта сацам бар бахьана ду, машенийн Iаьржа бос Iедалан низамашца лела ца луучарна езаш хилар.


ХIинца кхин цхьа башхалла ю иза, Гуьржийчуьра Къилбаседа Кавказе, къаьсттина Нохчийчу вогIуш тида мегар йолу. Кхузахь-м Iаьржа бос бу машенан коьрта меттехь лаьтташ. Бен а дац иза Iедалан ялахь а, яцахь а. Iаьржа джип, камри – дукхачу даржхойн кепан баьржина барам бу. Сирла басахь даржахочуьн машен ялахь, ларам болчу даржехь ца лору и машен ерг.


Iаьржачу басахь машенаш Iедалхошна а, могIарера нахана а езаш хилар даре до машенлелархочо Кантаев Аюба: "И Iаьржачу басахь машенаш вайн цIахь бен иштта чIогIа езаш яц моьтту суна. ЦIера араваьлча тайп-тайпана машенаш го-кх хьуна. Iаьржаниш ган а ца го-кх хьуна. И Iаьржа бос –тезетан бос бу. Декъий дIахьочу машенийн бос лоруш бу иза. КIайн, сирлачу машенийн беснаш харжа хан тIекхаьчнера вайн. Сирлачу кханене гIой вай?"


Дуьне мел ду йорт етташ лелачу бизнесхочунна Симбаригов Олхазарна хIинца беламе хета, нохчаша шаьш шайна тIеоьзна йолу буьрсалла. Машенийн басе а, цунна урхалла дечаьрга хьаьжча а го иза.


Вай ваьш-м кхерийна девллера вай, ша мел долу дуьне озалур дуй теша вайх, элира цо: "Суна-м ца хаьа вай мила кхеро дохку. Вай буьрсаллица, Iаьржа машенаш тIе а хевшина, вай вовше кхерийна девлла ду. Нах вайх кхоьруш а бац. Иза вайна гойтуш ду телефонаш чохь вайна цара олуш дерг. Цхьа жимма кIеда-мерза хила дезара вайн лелар".


Машенийн Iаьржа бос лело уггаре а халаниг бу. Аьхка къаьсттина. Йовхо тIеузу, бехъелча сиха къаьста. Уггаре а гIоле бос болатан бос бу, кхузахь ма аллара, детин я мокха.


Шена ца хаьа боху машенаш тоечу говзанчо Ибрагимов Сулеймана наха хIунда ца лелайо и бос болу машенаш: «Болатан бесан машен бехъелча а, тIехь сиз хилча а къаьсташ ца хуьлу. Iаьржа бос лело хала ду. Аьхка къаьсттина. И бос безаш нах хуьлу. Хаа-м ца хаьа суна иза царна хIунда беза. Мода хила мега-кх».


Гуьржийчоь дуьххьара пачхьалкх яц Iаьржа машенаш цамагийнарг. Уггаре а хьалха иза дина Туркменистанехь. 2015-чу шарахь цигахь даржахошна ца магийра, ткъа кху шарахь дуьйна ерриге а пачхьалкхехь дихкина Iаьржа машенаш лелор. Машенан бос хийцар тIедожадо нахана.


Моьттина а хир дацара Форд Генрина «Машен муьлхха а бос болуш хила йиш ю, иза Iаьржа хилчахьана», аьлла дешнаш аьллачун цхьа бIе сов шо даьлча и бос нахана иштта бале бер буйла. Ткъа, нохчаша эшарш локху сийначу «Волгех» лекхахь а, шаьш дахарехь хоьхку кIарула-Iаьржа джипаш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *