Шемахь шаьш ден долчу тохаршна кийча хила аьлла Трампа Оьрсийчоьне
"Кечло, Оьрсийчоь, хIунда аьлча, ракеташ дIакхочур ю хьуна, тоьлларш, керланаш, хьекъале ерш", - яздина Трампа. "Газ хоьцуш, адамаш дойуш там хуьлучу акхарочуьнца-нах бойучуьнца юкъаметтигаш латто мегар дац", - аьлла, тIе а тухуш.
Шемахь тIелатар дан кхачам боллуш тоьшаллаш дац шайн аьллера хьалхо Великобританин премьер-министро Мэй Терезас Iамеркан президентца телефонехь хиллачу къамелехь.
Iамеркан президенто Трамп Доналда хьалхо дIахьединера, 24-48 сахьт далале Шемахь динчу зуламна дуьхьал шаьш цхьа некъаш лелор ду аьлла.
Трампа билгалдаьккхинера, Iамеркан дуккха а варианташ хиларх Шемана бекхам бан, ишта Вашингтоно шаьш дендерг шайн агIончашца, уггар хьалха Парижца а, Лондонца а, дага а девлла дийриг хиларх а.
Францин, Iамеркан лидерша хьалхо дIакхайкхийнера, нагахь Шеман раж химин тIелатаршна бехке елахь, луьра жоп шаьш лург хиларх.
Москоха тIе ца дуьту шаьш бехке хилар.