Яшин Илья Москохан мэр хила дагахь ву
"Коррупцино лаьцна гIала, коммуналан мафин кхерам бу цунна", - аьлла Яшина шен видеокхайкхамехь. Иштта цо билгалдоккху, мэран харжамашкахь дакъалаца лууш демократин боламан кхиболу а декъашхой хилар. Цундела царлахь а харжам бан беза аьлла хета цунна.
Мэран харжамашка цхьа кандидат хьалхататта веза аьллера хьалхо оппозиционеро Гудков Дмитрийс а. Кеп-кепарчу демократин ницкъашца праймериз дIаяхьа еза аьлла, билгал а доккхуш. Гудковна хетарехь, муниципалан возуш воцчу 10 депутато я пхеа демократин партех цхьаммо къобалвина хила веза хьалхатотту кандидат. Президентан харжамашкахь дакъалаьцна Собчак Ксения а тIетайна Гудковн инициативана.
Гезгамашин-беттан 9-чу дийнахь дIахьур бу Москохан мэран харжамаш.